CHECHEN: Bible
Matthew (Маттайс) 5:3-12
3 «Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу.
4 Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду.
5 Декъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду.
6 Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала царна луург дийр ду.
7 Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам.
8 Декъалбина бу цІена дог дерш – царна Дела гур ву.
9 Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гІуллакх лелорш – царна, Делан бераш ду аьлла, цІе туьллур ю.
10 Декъалбина бу, бакъонна тІаьхьахІиттина аьлла, таІзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу.
11 Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь.
12 Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу.